Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шуьга иштта эр ду: «Шабар-шибар деш болчу жинашца тайначех а, эвлаяэх а дагадийла. Халкъ шен деланех дагадала дезаш дац ткъа? Дийначийн дуьхьа беллачех дага ца довлу ткъа?» ЦоІан-гІалара баьччанаш хьерабевлла. ПирІунан хьекъалечу хьехамчаша сонта хьехамаш бо. Аша муха эр ду пирІуне: «Со хьекъалечу стеган а, ширачу паччахьийн а кІант ву»? Ва мисархойн паччахь, хьан хьекъалчаш хІинца мичахь бу те? Массо а ницкъийн Везачу Эло Мисаран къомана дан леринарг хІун ду цаьрга дийцийта а, массо а нахана хьалха довзийта а! ЦоІан-гІалара баьччанаш хьерабевлла, Нуп-гІалара баьччанаш Іехабелла, иштта тайпанийн тхьамданаша Мисар шен новкъах тилийна, уьш сонехь болу чІогІа тІулг санна хила безнехь а. Везачу Эло оцу куьйгалхойн синош галдаьхна, ткъа цундела цара берриг а мохк харц новкъа баьккхина массо а хІуманна тІехь. Вехна стаг шен Іеттораш тІехула ма-леллара, лелаш бу мисархой.
Выбор основного перевода