Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха стигаларчу гуламан цхьана декъашхочо, Везачу Элана хьалха дІа а хІоьттина, элира: „Аса дийр ду“. Везачу Эло хаьттира: „Муха?“ Стигалара гуламан оцу декъашхочо жоп делира: „Аса, вахана, цуьнан мел болчу пайхамаршка харцдерг олуьйтур ду“. Везачу Эло элира: „Ахьа иза берта а валаве, хьо ларор ву иза дан. Ваха а гІой, иштта де ахьа“. Бераша санна, куьйгалхоша сан халкъана гІело йо, зударша санна, олалла а до цунна тІехь. Ва сан халкъ! Хьан баьччанаша Іехадо хьо, нийсачу новкъара даьккхина хьо цара. Тхьамданаша и халкъ нийсачу новкъахула ца дуьгу, цара дІабуьгурш туьлуьйтуш бу. ЧагІаро галбохурш а, нихано тохкуьйтурш а ур-атталла динан дай а, пайхамарш а бу – уьш чагІаро галбоху. ЧагІаро уьш карзахбоху, ткъа нихано уьш тохкуьйту. Шайна суьрташ хІиттича, уьш галбуьйлуш бу, шаьш гІуллакх къастадича, уьш тийсалуш бу. Везачу Эло шуна чІогІа наб яийтина. Цо дІакъевлина шун бІаьргаш (уьш пайхамарш бу), Цо дІахьулдина шун кортош (уьш хиндерг гушберш бу).
Выбор основного перевода