Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Ашур-махкахь дисинчу Цуьнан халкъан декъана боккха некъ хир бу, ша Мисар-махкара арадолучу хенахь Исраилан халкъана иза хиларе терра. Коьрта некъ а хир бу цигахь, цунах «Деза долчун некъ» эр ду. Хьарам берш цу новкъахула гІур бац, сонта берш цунна тІехь кхерстар бац. Делан новкъахула леларш бен, уьш бен цу новкъахула лелар бац. Везачу Эло элира: «Хьалаайина некъ богІа! Кеч а бе, дІа а нисбе некъ. ДІаяккха Сан халкъана хьалхара дуьхьало». кхечу нахе Веза Эла каравайтархьама а, Сан дола даьллачу халкъашка Иза лахийтархьама а. Иштта боху и дерриге а хІуманаш абадехь дуьйна дІахоуьйтуш волчу Везачу Эло“.
Выбор основного перевода