Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу буса Мисарахула чекхвер ву Со. Доьзалехь хьалха дуьнен чу даьлларг дуьйр ду Ас, адамна тІера хьайбанна тІекхаччалц. Мисархойн массо а деланашна тІехь кхел йийр ю Ас. Со Веза Эла ву. Каруб-маликашна тІе а хиъна, тІемавелира Иза, механ тІемаш тІехь дІавахара Иза. Ахьа стигаларчу хишна тІехула Хьайна Іа меттиг йо. Мархех Ахь Хьайна гІудалкх йо, Хьо мохан тІемашна тІехь а хехкало. ЦІуйн карахь йолу пачхьалкхаш Аса схьаяхарна – ткъа оцу пачхьалкхийн цІуш Ярушалаймехь а, Шамран-гІалахь а болчу цІуйл нуьцкъала бара – ХІара бу Амосан кІантана ЕшаІ-ЯхІуна Бавелах лаьцна гучубаьккхина болу хаам. Набухди-Нецара мисархойн деланийн цІеношкахь цІе латор ю, цигара цІуш я багор бу, я йийсаре дІабуьгур бу. ЖаІуьно шен бедар мезех цІан ма-ярра, Мисар-мохк цІанбийр бу цо, цул тІаьхьа маьрша цигара ара а вер ву. Мисар-махкана тІелатархьама Бавелан паччахь волу Набухди-Нецар схьаваларх лаьцна Везачу Эло Ярми-ЯхІу-пайхамаре иштта хаам бира: «ХІара хаам дІакхайкхабе Мисар-махкахула, дІахаийта иза Мигдол а, Нуп а, Тахьпанхьас а гІаланашкахь: „Лардаран раьгІнашкахь дІахІиттий, тІамана кечло, мостагІчун туьро хьуна гонах мел долу къам дІакхоллу дела. ХІаллак хІунда хилла хьан ницкъболу тІемалой? Уьш дуьхьал латталур бац, хІунда аьлча Везачу Эло лаьхкина буьгуш бу уьш“. Цо дукхахберш тасаболуьйтур бу. Уьш вовшашна тІе оьгур бу. Цара бохур ду: „Дуьло, юхагІур ду вай вайн халкъана тІе а, вайн махкана тІе а, хІаллакдечу туьрах кІелхьардовлархьама“. Цигахь цара эр ду: „Мисар-мехкан паччахь волу пирІун эрна гІовгІа ян бен вац. Цо шен таро йолу хан дІаяхийти“. Дийна волчу Сох чІагІо йо Аса, – боху Паччахьо, Шен цІе массо а ницкъийн Веза Эла йолчу, – лаьмнашна юкъахь Табур-лам санна волу а, хІордана уллохь лаьтташ Кармал-лам санна волу а цхьа ницкъболу куьйгалхо вогІур ву шуна. Мисар-махкара бахархой, шайн массо а хІума схьагулде, йийсаре даха кечам бе, хІунда аьлча Нуп-гІала ерриг а яссор ю, цхьа а стаг шена чохь ца вехаш ерриг а йохийна хир ю. Мисаран къам чІогІа хаза дуьхьарг санна ду, амма къилбаседехьара ю тухуш болу моза цунна тІебогІу. Цо тІелаьцна балийна болу тІемалой дустийначу эсех тера бу. Уьш шаьш бевдда дІагІур бу, дуьхьаллатта де доцуш, хІунда аьлча церан Іожаллин де тІекхаьчна, царна таІзар хуьлу де ду тІедеанарг. Мисаран эскар дедда дІагІур ду, лаьхьано санна хиш-ш а деш, мостагІийн эскар улло кхочучу хенахь. Уьш, шайн карахь дагарш а долуш, хьун хьакхархой санна, цунна тІе летар бу. Цара хьокхур ю мисархойн хьун, – боху Везачу Эло, – Цу хьун чохь дукха дитташ делахь а. ЦІоз санна, дукха ду мостагІчун эскар, уьш багарбина а вер вац. ЮьхьІаьржачу хІоттор ду Мисаран къам, къилбаседехьарчу халкъан карагІур ду иза». Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: «Ас кестта таІзар дийр ду Ну-гІалахь волчу Амин-харцдалла а, иштта ПирІунна а, Мисар-махкана а, цуьнан деланашна а, паччахьашна а, пирІунах тешна Іаш мел болчарна а. Уьш хІаллакбан гІерташ болчу церан мостагІийн кара дІалур бу Ас уьш – Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран а, цуьнан баьччанийн а кара. Амма тІаьхьо Мисар-махкахь хьалха санна нах бехаш Іаш хир бу», – боху Везачу Эло.
Выбор основного перевода