Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу дийнахь иштта хир ду: сийлахь коьман маІа лекхча, Ашур-махкахь тилабелла лелларш а, Мисар-махка лаьхкина бигнарш а схьабогІур бу. Ярушалаймерчу безачу лам тІехь Везачу Элана хьалха суждана гІур бу уьш. Беттан серло малхан серло санна хир ю, ткъа малхан серло ворхІазза сов сирла хир ю, цхьана денна чохь йолу ворхІ дийнан серло санна. И дерриг а хир ду Везачу Эло, Шен халкъана йина чов дІа а йихкина, Ша цунна динчу лазарна дарба дечу хенахь. Везачу Эло иштта боху: «Мисархоша йина хІуманаш а, хушахойн йохкаэцар а, лекха нах болу себахой а, шун дола а бевлла, шун хир бу. Уьш шуна тІаьххье дІабогІур бу, шайна тІехь буржалш а долуш. Шуна хьалха охьа а таьІна, цара дехарца бохур ду: „Дела шуьца билггал ву, Иза воцург, кхин дела вац“». Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: «Ас кестта таІзар дийр ду Ну-гІалахь волчу Амин-харцдалла а, иштта ПирІунна а, Мисар-махкана а, цуьнан деланашна а, паччахьашна а, пирІунах тешна Іаш мел болчарна а. Уьш хІаллакбан гІерташ болчу церан мостагІийн кара дІалур бу Ас уьш – Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран а, цуьнан баьччанийн а кара. Амма тІаьхьо Мисар-махкахь хьалха санна нах бехаш Іаш хир бу», – боху Везачу Эло.
Выбор основного перевода