Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Якъубан тІаьхьенан къа иштта дІадоккхур ду, цуьнан харцонаш дІаяхархьама иштта мах дІабала безаш бу: сагІа доккху меттигашкахь лелош долчу тІулгех халкъо жагІанаш бийр бу, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бІогІамаш дІахедийна Іохкур ду, ткъа цІушна хаза хьожа йогІу хІума яго кхерчаш, дохийна, дІадохур ду. ЧІагІйина гІала яссалур ю, цуьнан хІусамаш дІатесна хир ю, яьссачу арахь санна, адамаш а доцуш. Эса дежар ду цу меттехь, циггахь садоІуш а, гаьннаш тІера гІаш дууш а хир ду иза. Ас хьан цІуш бохор а бу, харцделанашна хІиттийна тІулгаш хьуна юкъара хІаллакдийр а ду, кхин Іамал йийр яц ахь хьайн куьйгашца йинчу хІуманашна. Ас хьо дехачуьра Ашера-далла лерина долу дечиган хьан бІогІамаш дІадохур ду, ткъа хьан гІаланаш йохор ю. Церан сагІа доккху меттигаш а, Іибадат дан хІиттийна тархаш а йохаяй, Ашера-далла лерина болу церан дечиган бІогІамаш хадабай, дІабаха. Амма аша царна хІара делаш: церан сагІа доккху меттигаш йохаелаш, харцделанашна хІиттийна церан тІулгаш аталаш, Ашера-далла лерина долу церан дечиган бІогІамаш дІахедаделаш, церан цІуш багабелаш. Цу дийнахь стага ша Іибадат дан бина дато а, дашо а цІуш боьлкъазаршна а, бирдолагашна а дІакхуьйсур бу, ТІаккха аша детица кхелина болу шайн цІуш а, дешица кечдина долу суьрташ а кхиссина дІадохуьйтур ду, боьха нехаш санна: «Яхийта кхузара!» – аьлла. Цу дийнахь шух хІораммо а шен къа латийначу куьйгашца бина дато а, дашо а цІуш дІакхуьссур бу.
Выбор основного перевода