Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делахь а, Ашаран а, Маннашан а, Забулан а тайпанех болчу цхьаболчара, къар а белла, ладуьйгІира цаьрга. Уьш Ярушалайме баьхкира. Цу хенахь Исраилан халкъах бисина болу, Якъубан тІаьхьенах кІелхьарбевлла нах шаьш эшийначух кхин тешна Іаш хир бац. Церан дегайовхо билггал Везачу Элах, Исраилан Везачух, хир ю. Со Сайн метте дІагІур ву, шаьш бехке хиларх а кхетта, Сан юьхь цара схьалаххалц. Хала киртиг шайна тІехІоьттича, Со леха уьш арабевр ма бу». Амма сох лаьцна аьлча, со сайн Веза Эла варе хьоьжур ву, со сайн кІелхьарваларан Деле сатуьйсуш хир ву. Сан Далла со дІахезар ву.
Выбор основного перевода