Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу буьйсанна хІара хилира: Везачу Элан Малико, дІа а дахана, Ашурхойн эскаран меттаматтара цхьа бІе везткъе пхи эзар стаг хІаллаквира. Дийна бисина болу ашурхой Іуьйранна хьалагІевттича, царна лаьттахь Іохку декъий гира. Іожаллин зІенаша дІалаьцнера со, дохаран тулгІенаша дІахьош вара со. ТІаккха хІара хилира: Везачу Элан Малико, дІа а дахана, Ашурхойн эскаран меттаматтара цхьа бІе везткъе пхи эзар стаг хІаллаквира. Дийна бисина болу ашурхой Іуьйранна хьалагІевттича, царна лаьттахь Іохку декъий гира. Эскархойн карахь гоьмукъаш а, секхаІедаш а ду, уьш къиза а, шайца къинхетам боцуш а бу. Уьш говрашкахь богІучу хенахь, карзахбаьллачу хІордах тера бу. ТІамана кийча бу уьш. Церан Іалашо – хьуна тІелатар ю, Цийонан йоІ». ТІаккха малхбалехьара схьайогІуш Исраилан халкъан Делан сийлалла гира суна. Цуьнан аз, хІордан гІовгІа санна, чІогІа дара, Цуьнан сийлаллин нуьрах латта серладаьллера.
Выбор основного перевода