Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ашурхойн паччахьо ладуьйгІира Ахьаз-паччахьо бохучуьнга. Иза Дамасакхана дуьхьал тІом бан вахара. Дамасакх схьа а лаьцна, цигара бахархой цо Кхир-гІала дІакхалхийтира, ткъа Рицан вийра. хІунда аьлча Араман олахо Дамасакх-гІала ю, ткъа Дамасакхан олахо Рицан бен вац. Кхин кхузткъе пхи шо даьлча, эпраймхой, шаьш бохийна хиларна, кхин къам хир дац. хІунда аьлча цу кІантана „сан да“, „сан нана“ ала Іамале, Дамасакх-гІалин хьал а, Шамран-гІалин хІонс а Ашур-мехкан паччахьна хьалхāхула дІахьур ду». КІаркамиш-гІалина динарг Хална-гІалина ца дина те? Арпад-гІалина динарг Хьамат-гІалина ца дина те? Дамасакх-гІалина динарг Шамран-гІалина ца дина те? Везачу Элера хІара хаам Дамасакхах лаьцна бу: «ЮьхьІаьржачу хІоьттина Хьамат-гІала а, Арпад-гІала а, хІунда аьлча цаьрга вон хаам кхаьчна. ХІорд санна, оцу шиннан дегнаш хьийзаш ду, гІайгІанехь хиларна церан синтем а бац. Дамасакх-гІалин бахархой, дог а доьхна, юха а бирзина, бевдда дІабаха кийча бу. Къемат тесна церан дегнашка, гІайгІано а, лазаро а уьш дІалаьцна. Цаьргахь, берах хьийзочу зудчуьнгахь санна, лазарш ду. Сан сакъералуш хиллачу, гІараяьллачу гІалара нах дІа хІунда ца бевдда? Цигарчу майданашкахь а, урамашкахь а къона нах охьаоьгур бу, массо а тІемалой а хІаллакьхир бу цу дийнахь, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Ас цІе тосур ю Дамасакхан пенех, ткъа оцу цІеро Бен-Хьадид-паччахьан гІепаш дІакхоллур ю». Иштта боху Везачу Эло: «Дамасакхан бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хІунда аьлча цара ГалІад-гІала аьчка гІирсаца эрина. Хьазиал-паччахьан цІенна тІе цІе хоьцур ю Ас, Бен-Хьадидан гІепаш а ягор ю цу цІеро. Дамасакхан кевнаш а дохор ду Ас, Авайн-тогІин бахархой а хІаллакбийр бу, Байт-Іедан цІийнера олаллин гІаж шен карахь йолуш верг а вуьйр ву. Ткъа арамхойн халкъ Кхир-кІошта йийсаре дІагІур ду», – боху Везачу Эло. ХІара хаам Везачу Элера бу: ХІадрах-махкахь а, Дамасакх-гІалахь а соцур ву Веза Эла. Исраилан массо а тайпанаш тІехь санна, Цуьнан бІаьрг массо а адамашна тІехь бу.
Выбор основного перевода