Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Седам-гІалин кемсийн гаьннаш тІера а, Іамор-гІалина уллохь йолчу аренашкара а ю вайн мостагІийн кемсаш. Церан кемсийн буьртигаш дІаьвше ду, церан кенаш къаьхьа ду. Декъала ву Хьалдолу Эла, дахаран мохь денна а тхан метта лелош волу а, тхо кІелхьардоху Дела волу а. Цара шаьш кІелхьардаьхна волу Дела вицвинера, Мисар-махкахь тамашийна хІуманаш дина волу, Массо а хенахь Везачу Элах тешна Іаш хила, веккъа Веза Эла гуттаренна а йолу тарх санна волу дела. Ткъа аша, Далла лериначу дезачу дийнан буьйсанна санна, эшарш лоькхур ю. Шун дегнаш тІехь самукъадалар хир ду, шедаг а локхуш, Везачу Элан лома тІе, исраилхойн Тарха тІе воьдучу стеган санна. Хьуна хІунда вицло хьо кхоьллина волу а, стигалш дІасаяржийна волу а, лаьттан баххаш дІахІиттийна волу а Веза Эла? Хьо хІаллакван кийча волуш волчу, хьуна гІело ечун дералла бахьана долуш, дерриг а дийнахь хьо хІунда кхоьруш лаьтта? Мичахь ю хьуна гІело ечун дералла? Іийсас цаьрга элира: «Сан стигалахь волчу Дас дІадоьгІна доцу хІора орамат шен орамашца схьадаьккхина хир ду.
Выбор основного перевода