Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Везачу Элан сий Исраил-махкара дІадаьлла», – аьлла, цо шен кІентан цІе Ихвади тиллира (иза «сий доцург» бохург ду). Делан тІорказ мостагІийн карадахана дела, шен мардай, майрий велла дела, тиллина цо и цІе кІантана. Іузи-ЯхІун кІентан Йовтаман кІант Ахьаз ЯхІуд-мехкан паччахь а волуш, Рицан Арам-мехкан паччахь а волуш, ткъа Рамли-ЯхІун кІант Пикхахьи Исраил-мехкан паччахь а волуш, тІом баьлла. Рицан а, Пикхахьи а тІамца Ярушалайм-гІалина тІелетира, амма цаьрга иза схьа ца яккхаелира. хІунда аьлча Араман олахо Дамасакх-гІала ю, ткъа Дамасакхан олахо Рицан бен вац. Кхин кхузткъе пхи шо даьлча, эпраймхой, шаьш бохийна хиларна, кхин къам хир дац. И бер вониг дІататта а, диканиг тІеэца а Іамале, шу кхоьруш волчу шина паччахьан мехкаш дассийна хир ду. хІунда аьлча цу кІантана „сан да“, „сан нана“ ала Іамале, Дамасакх-гІалин хьал а, Шамран-гІалин хІонс а Ашур-мехкан паччахьна хьалхāхула дІахьур ду».
Выбор основного перевода