Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь массо а ницкъийн Везачу Эло цхьаболу дийна биснарш вайна битина ца хиллехь, вай Седам-гІала санна хир дара, Іамор-гІаланах дІатарлур дара. Массанхьа а дуьненахь, дерриге а къаьмнашна юкъахь иштта хир ду. ТІаьххьара стоьмаш зайт-диттан тІера эгорхьама, дитташ тІе гІожмаш тохар санна хир ду. Кемсаш схьалахьийча, цхьайолу кемсаш бен ца йисча санна хир ду. Цу дийнахь Везачу Эло шу, Эпрат-хи тІера Мисар-мехкан дозанехь долчу хи тІе кхаччалц, кІа санна, ирхдугІур ду, ткъа шу, исраилхой, тІаьхь-тІаьхьа гулдина хир ду. Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «ТІаьххьара йисина йолу кемсаш санна схьалахьор ду Исраилан халкъан дисина долу адамаш. Кемсаш схьалахьош волчо ма-дарра, хьайн куьйгашца таьллангаш дикка талла».
Выбор основного перевода