Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нийсо а, бакъдерг а ду Хьан паччахьан гІантана бух хилла дІахІоьттинарг. Безам а, тешаме хилар а ду Хьуна хьалхадаьлла лелаш. Цуьнан олалла дІасадаьржаш хир ду, цу чохь машар даим лаьтташ хир бу. Даудан тІаьхьенах волу паччахь санна цо шен пачхьалкхана тІехь куьйгалла дийр ду. И пачхьалкх дІа а хІоттийна, цунна тІехь паччахьалла дийр ду цо нийсонца а, диканца а, хІинца дуьйна абаденналц. Массо а ницкъийн Везачу Элан эмгаралло кхочушдийр ду иза. Хьовсал, цхьа паччахь хир ву нийсонца урхалла деш, иштта тхьамданаш а хир бу бакъонца куьйгалла деш. Олалла а, сийлалла а, паччахьалла а делира цунна. Массо а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а болчу наха цунна Іибадат дира. Цуьнан олалла хедар доцу олалла ду. Цуьнан пачхьалкх цкъа а юхур яц». Ткъа паччахьалла а, олалла а, ерриге а стигална кІел йолчу пачхьалкхийн сийлалла а дІалур ду Веза Воккхачу Делан болчу нехан къоман кара. Делан паччахьалла абаделлалц долу паччахьалла ду. Массо а олахой Цунна Іибадат деш а, муьтІахь а хир бу“. Ас астагІчарах халкъан дисина дакъа дийр ду, ткъа генна дІасабаржийначарах онда ницкъ болу халкъ дийр ду. Везачу Эло Цийон-ломахь олалла дийр ду царна тІехь оцу хенахь дуьйна абаденналц. гуттар а ерриг Якъубан тІаьхьенна тІехь куьйгалла деш хир ву Иза, Цуьнан паччахьалла цкъа а кхачор дац».
Выбор основного перевода