Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делкъахан дІа а яьлла, суьйренан сагІа доккху хан тІекхаьчча а, уьш кхидІа а шовкъ еана бара. Амма цхьа а аз я жоп, я цхьа а хІума дацара хезаш. Сан дайша хІаллакдинчу къаьмнийн деланаша уьш кІелхьарбаьхний? Газун а, ХІаран а, Рацап а гІаланашкара а, Тилассар-махкахь йолчу Іеданера а бахархой кІелхьарбаьхний цара? ХІара бу Муабих лаьцна болу хаам. Маржа-яІ, цхьана буса Муабера Іар-гІала, дакъаза а яьккхина, йохийна ю! Маржа-яІ, цхьана буса Муабера Кхир-гІала, дакъаза а яьккхина, йохийна ю! Нах шайн делан цІа а, Дибон-гІала а йолчу богІу, уьш сагІа доккхучу гунашна тІе хьалабовлу, цигахь белхархьама. Муабин халкъо тийжам бо Набу а, Мейдеба а гІаланех. Церан массеран а кортош дІалергина ду, массеран а мажош дІаяьшна ю. Ас сацор ду, – боху Везачу Эло, – муабахоша шайн дезачу гунаш тІехь сагІанаш дахар а, шайн деланашна хаза хьожа йогІу хІума ягор а.
Выбор основного перевода