Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со ЯІзирерачу бахархошца цхьаьна тийжаш ву Сибмерачу кемсийн бошмех лаьцна. Ва кемсийн бошмаш, шун таьллангаш ЯІзир-гІалина уллорачу хІордана тІе кхаччалц Іохкуш яра. Ткъа хІинца хІаллакдийриг аш кхиийначу кемсашна тІелетира. иштта Набу а, БаІал-МаІун а (тІаьхьо церан цІераш хийцинера), иштта Сибма-гІала а. Шаьш юхаметтахІиттийначу гІаланашна цІераш техкира цара. Хьешбон а, ЭлиІала а гІаланашкара бахархой боьлхуш бу, церан тийжар ЯхІац-гІалина тІекхаччалц хезаш ду. Оцу бахьаненна Муабин тІемалоша маьхьарий детта – уьш дог доьхна бу.
Выбор основного перевода