Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Муабих дог доьлху сан. Цу махкара уьдуш бу нах ЦІоІар-гІала а, ІагІлат-Шалши олучу метте а кхаччалц. Лухьайт цІе йолчу метте хьалабовлу уьш белхарца, Хьоронайме боьдучу новкъахь чІогІа белхар хІоттадо цара. Цундела со а, ЯІзирера бахархой санна, тийжар ву хІаллакйинчу Сибмерачу кемсийн бошмех. Шуьца хиллачух сайн бІаьрхиш Іенор ду ас, Хьешбон-гІалара а, ЭлиІала-гІалара а бахархой, хІунда аьлча шун кемсаш а, ялта а чудерзош хуьлуш долчу гІовгІанечу самукъадаларан метта тІеман маьхьарий детташ ду. Стигалара охьахьажахьа, Хьайн деза а, сийлаллин а долчу цІа чуьра схьахьажахьа: Хьан леррина хилар а, ницкъ а мичахь бу? Хьан боккха гІайгІа а, ницкъ а мичахь бу? Хьан эсалалла а, тхоьга болу къинхетам а сецна бу. «Сан кийра! Богуш бу сан кийра! Дог лазадоккхуш боккха бала бу соьгахь. Вист ца хуьлуш ца Іало со, хІунда аьлча суна коьман маІа хезна, тІеман маьхьарий суна ма хезна. Иштта сан дог, шедаг санна, Муаби-къомах тийжаш ду. Сан дог Кхир-Хьарасан бахархошна доьлхуш ду, хІунда аьлча церан массо а бахам хІаллакьхилла. qac Хqac*ьажахьа соьга, Веза Эла, дог доьхна со хиларна, Суна чохь мел йолу хІума егаеш дІахІоьтти. Дог а меттахдаьлла сан, Хьуна ас дуьхьало ярна. Арахьара деанчу туьро сайн берех со яьккхи. ЦІера хьал, ялар санна, ма ду сан хІинца.
Выбор основного перевода