Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилхоша муабахойн гІаланаш хІаллакйира. Аренгара тоьллачу дакъошна тІе, хІораммо а цхьацца тІулг а кхоьссина, уьш ца мегачу дехира цара. Дерриге а хьостанаш лакъийра цара. Тоьлла долу дитташ а дІахедийра. Цхьа Кхир-Хьарсат-гІала бен дийна ца йиснера. Амма ширдолаг кхуьссурш, гІалина го а бина, цунна а тІелетира. Массо а исраилхочунна, божаршна санна, зударшна а, цо цхьацца бепиг а, Іаьвдинчу хурманийн цхьацца курс а, Іаьвдинчу кишмашийн цхьацца курс а кховдийра. ЮьхьІаьржачу хІоьттина Муабин къам, хІунда аьлча иза дохийна. Мохь бетташ, белхар де, Арнон-хин йистехула дІахаийта Муабин къам хІаллакдина хилар. Со а ву Муаби бахьана долуш воьлхуш, цуьнан хІора вахархочунна тийжаш ву Со. Кхир-Хьарасан бахархошна Со воьлхуш ву.
Выбор основного перевода