Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо мел деш дерг кхетам тІе ца кхочуш ду, Цуьнан тамашийна хІуманаш дагар а далур дац. Делан кІоргачу къайленашка хьо билггал кхачало те? Нуьцкъалчу Делан бухбоцучу бакъдолчух хьан кхета ницкъ кхочий те? Тамашийна схьахезаш ду Делан аз, вайн кхета ницкъ ца кхочу даккхий хІуманаш до Цо. Алссам ду, сан Веза Дела, Ахь мел дина тамашийна гІуллакхаш а, тхох лаьцна Ахь мел йина ойланаш а. Хьоьца цхьа а вусталур ма вацара! Ахь мел динчу гІуллакхех лаьцна Ас дийцахь я кхайкхам бахь, церан терахь хьесап ца даллал доккха хир ма дара! Хастам бу Везачу Далла, Исраилан халкъан Далла! Веккъа Иза ву тамашийна гІуллакхаш кхуллург. ЭхІ, ма барам боцуш хьал долуш ду-кх Делан хьекъалалла а, кхетам а! Вайн хьекъал ца кхочу Цуьнан сацамех кхета, вай тІаьхьа ца кхиало Цуьнан некъашна! Цара Далла гІуллакх деш хиллачу Муса-пайхамаран а, Іахаран а илли олура: «Даккхий а, инзаре а ду Хьан гІуллакхаш, массо а ницкъийн Веза Дела! Нийса а, билггал бакъ а ду Хьан некъаш, дуьненан къаьмнийн Паччахь!
Выбор основного перевода