Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ГІала чу воллучохь йолчу, нах гуллучу майдане а вахана, охьахиира БоІаз. Цо вуьйцуш волу стаг а вара хІеттахь тІехволуш. ТІаккха БоІаза элира цуьнга: «Схьа а волий, охьахаахьа». Важа веана охьахиира. qac Чqac*ІогІа генахь бу Іесанаш кІелхьарбахарх, царна Хьан парзаш кхочушдан ца лаарна. Ирс долуш ву цаьрца шен Іад-ботт хьалаюьзнарг! Иза юьхьІаьржачу хІуттур вац кевнехь ша мостагІашца къамел дечу хенахь. Къечуьнгара иза атта хетарна хІума схьа а ма яккха, кхел ечу меттехь декъазачунна гІело а ма е. хІунда аьлча Суна хууш ду аша мел дукха зуламаш дина, мел деза ду шун къинош. Шу бакъволчун мостагІий ду. Кхаьънаш а ийдеш, мискачеран гІуллакхаш галдоху аша кхел ечохь.
Выбор основного перевода