Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара куьйгаш тІехь дІахьур ву хьо, хьан ког тІулгах а ца тасаболуьйтуш. ТІаккха борз Іахарца цхьаьна Іийр ю, цІокъ буьхьигна уллохь Іуьллур ду, эса а, къона лом а, дерстина даьхни а цхьаьна хир ду. Жимачу беро лелор ду уьш. Етт стечу ченаца цхьаьна бежар бу, церан кІорнеш цхьаьна Іохкур ю, лоьмо, старо санна, ча дуур ду. Бер лаьхьанан Іуьрга уллохь ловзур ду, цо шен куьг цуьнан бенна тІе кховдор ду. Берриг а Сан безачу лам тІехь зен а, зулам а хир дац, хІунда аьлча, хино хьалабузу хІорд санна, Веза Эла вовзарх хьаладуьзна хир ду латта. Борз а, Іахар а цхьаьна бежаш хир бу, лоьмо, старо санна, докъар дуур ду, ткъа лаьхьанна кхача латта хир ду. Цара зен а дийр дац, бохам а бийр бац берриг а Сан безачу лам тІехь», – боху Везачу Эло.
Выбор основного перевода