Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо хин тІадамаш Шена схьагулдо, ткъа, догІа а литтина, царах дохк до. Ахь латта Іалаш а до, цунна хи а латтадо, иза токхе а хуьлуьйту Ахь, тІехъюьзна йолу хин Іовраш а луш. Ахь адамашна ялта кхуьуьйту, Айхьа латта оцу гІуллакхна кхоьллина дела. Ахь лаьттан хершнаш хих а дузу, гІорзанаш дІа а шарйо, догІанан тІадамашца латта кІад а до, цу тІехь мел яьлла хІума декъал а йо. Цо Шен дош Якъубан тІаьхьенна довзийтина, Шен парзаш а, тІедехкинарш а – Исраилан халкъана. Цара цкъа а ца олу шайга: „Вайн Везачу Делах кхера деза вай. Цо вайна гуьйранна а, бІаьста а догІа а доуьйту, ялта чудерзочу хенахь мел оьшург а ло“. Къаьмнийн цІуйн догІа даийта ницкъ ма ца кхочу. Ткъа стигалийн бац ницкъ Хьоьгара а доцуш догІа даийта. И деш верг Хьо ма ву, тхан Веза Дела! Хьоьца ю тхан массо а дегайовхо, хІунда аьлча Ахьа деш ду и дерриг а. шайн стигалахь волчу Ден бераш шу хилийта. Цо цхьа а ца къаставо шуна: Цо малх массарна а къоьгуьйту – дикачунна а, вочунна а. ДогІа а Цо цхьатерра доуьйту Шен лаамехь болчарна а, боцучарна а. амма Цо Шех тоьшалла дитина, шуна диканиг а деш: стигалара догІа доуьйтий, шен хенна ялта кхуьуьйтий. Цо шуна кхача а ло, шун дегнаш хазахетарх а дузу».
Выбор основного перевода