Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьажал хІинца, веккъа Со Дела хилар, Со воцург кхин цхьа а Дела ца хилар. Ас долуьйту, Ас дендо, Ас чов йо, Ас тобо, Сан куьйгах цхьаьнгге а кІелхьардахалур дац. Беттан серло малхан серло санна хир ю, ткъа малхан серло ворхІазза сов сирла хир ю, цхьана денна чохь йолу ворхІ дийнан серло санна. И дерриг а хир ду Везачу Эло, Шен халкъана йина чов дІа а йихкина, Ша цунна динчу лазарна дарба дечу хенахь. Хьалдолчу Элан Са дагца ду Сан, хІунда аьлча Везачу Эло Со къобалвина мискачарна хаза кхаъ кхайкхо. Цо хьажийна Со дог доьхначарна дарба дан, йийсархошна паргІатдовлар кхайкхо, тутмакхаш набахтера арабаха, Наха иштта боху: «Дуьйло, вешан Везачу Элана тІедерза вай. ХІунда аьлча Цо вай лаза а дина – Цо вайна дарба а дийр ду. Цо йина вайна чевнаш – Цо уьш дІа а йоьхкур ю.
Выбор основного перевода