Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Декъала ву, Веза Эла, Ахьа хьехар деш верг, Хьан товрат-хьехамаш Хьоьгара Іамош верг. Сан кІант, Везачу Эло хьо нисвар дІа ма татта, Цо хьайна дечу таІзарна аьрзнаш а ма де, Декъалвина ву зенашна садеттарг, хІунда аьлча иза зийначул тІаьхьа, ял санна, хедар доцучу дахаран таж лур ду цунна Ша везачарна иза лур ду аьллачу Везачу Эло. Делан кІентий долчу шуьга, шу иракарахІиттош, аьлла дешнаш диц-м ца делла шуна? «Сан кІант, Везачу Эло хьо нисварх ца вешаш ма хила, Цо хьайна дечу таІзарна гІайгІане а ма вожа. ХІунда аьлча Шена везаш верг, таІзар а деш, нисво Везачу Эло. Ша тІеоьцуш волчу кІантана етта а етта Цо». Шаьш нисдеш долу таІзар ла, хІунда аьлча оцу таІзар даро гойту, Далла шу кІентий санна хетар. ХІунда аьлча дас нисдеш долу таІзар даза кІант хир а вуй? Ткъа массо а кІантана деш долу таІзар шуна деш дацахь, шу кІентий дац, шу къотІалгІадина бераш ду. Нагахь вайна таІзар деш болу дуьнен чуьра дай вай лоруш хилча, синойн Дена кхин а чІогІа муьтІахь хила ца деза вай, дахар хилийтархьама? Вукхара шайна дика хетачу агІор кІезигчу ханна таІзар дора вайна, ткъа Кхо – вайна пайда хилийта, вайга Шен возаллехь дакъа лацийта до. Карарчу хенахь муьлххачу а таІзаро самукъадалар ца дахьа, сингаттам бен. Делахь а тІаьхьа цуьнгахула нисбеллачара машаре а, Делан лаамехь а долчу дахаран стом буур бу. Сайна везарг, метта а валош, таІзарца нисво Ас. Цундела, дикане а кхийдаш, даггара Далла тІедерза!
Выбор основного перевода