Адаме Везачу Дала элира: «Аса аьллачуьнга ла а ца дугІуш, хьайн зудчо бохург а дина, ма баа аьлла стом ахьа баарна, хьо бахьанехь неІалт кхайкхадо Ас кху лаьттана а. Хьо валлалц халонца а, къинхьегамца а лохур ду ахьа хьайна напха.
КІохцалш а, яраш а евр ю цу лаьтта тІе, аренан ораматех хир ю хьуна юург.
Хьацарлахь доккхур ду ахьа хьайн бепиг, юха а, хьо схьаваьллачу лаьтта чу хьо верззалц. Ас хьо лаьттан ченах вина волу дела, юха а чан хир ю хьох».
«Зудчо вина волчу стеган дахар доца ду, иза баланех вуьзна а ву.
ХІора дийнахь балане а, гІайгІане а хуьлу цуьнан болх, ур-атталла буьйсанна а дог паргІат ца хуьлу цуьнан. Иза а ду-кх кхетам тІе ца кхуьу хІума.