Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча маьрша къамелаш ца до цара, ткъа машар безачу нахана уьш мекарчу дешнашца лоь. Хин Іовраша, Веза Эла, хьалаойу, хин Іовраша шайн аз хьалаойу, хин Іовраша чІогІа гІовгІа йо. паччахьашна толам лучу Хьуна, Хьайн лай Дауд дерачу туьрах кІелхьарвоккхучу Хьуна. Делан лаамехь лелаш верг, ворхІазза охьавоьжча а, хьалагІоттур ву, ткъа Іесанаш – бохамаша охьаэгор бу. Хьо хийх дехьадолучу хенахь, Со хьоьца хир ву. Хьо Іоврех дехьадолучу хенахь, хиша хьо дІакхоьхьур дац. ЦІерах хьо дехьадолуш, цо хьо дагор дац, цІеран алунаша хьуна зе дийр дац. Иштта боху Везачу Эло: «Іази-гІалин бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хІунда аьлча цара дийнна яртийн бахархой йийсаре дІабеллера, Эдоман карабахийтархьама. Шуна тІедеана долу зер массо а адамна тІехІуттуш дерг бен дац. Ткъа Дела тешаме ву, аша ловр доцург лур дац Цо шуна. Амма шу зуьйш долчу хенахь, тІехІотта онда бух лур бу Цо шуна, иза лан шун ницкъ хилийтархьама.
Выбор основного перевода