Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахь хьакхийтинчу мохо хи декъа а декъна, пен санна, дІахІоттийра. ХІордан кийрара хи дукъделира. Цуьнан оьгІазе аз дІахезча, Цуьнан мерІуьргашкахула хІо арадаьлча, хІордийн баххаш гучудевлира, дуьненан бух схьабеллабелира. Веза Эла, Хьан оьгІазе аз дІахезча, Хьан мерІуьргашкахула хІо арадаьлча, хІордийн баххаш гучудевлира, лаьттан баххаш схьаделладелира. Делаца цхьаьна оха толам боккхур бу, тхан мостагІий Цо дІахьошур бу. Къечарна кхел нийсонца йийр ю цо, лаьттан гІело хьоьгучеран гІуллакх догцІеналлица къастор ду цо. ГІаж санна, багара схьадолучу шен дешнашца цо лаьттана еттар ю. Балдашкахула схьайолучу шен Іаьнарца цо Іесанаш бойур бу. Дукха хенахь дуьйна Тупат цІе йолу меттиг кечйина ю, цигахь цІе латорхьама. И меттиг Ашуран паччахьна лерина ю. Иза кІорга а, шуьйра а ю. Цу цІерга туьллуш алссам дечиг ду, иза йоккха хилийта. Везачу Эло мох тоьхча, саьмгал санна, хьалалетар ю иза. ТІаккха гучувер ву зуламех вуьзна волу и стаг. Веза Эла волчу Іийсас Шен багарчу Іаьнарца вуьйр ву иза, Шен схьаваран дозаллица иза хІаллак а вийр ву.
Выбор основного перевода