Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
иза шен боьхалла санна, массо а ханна дІавер ву, ткъа иза хьалха гина болчара: „Мичахь ву иза?“ – бохуш, хоьттур ду. ХІунда аьлча уьш кестта, буц санна, бакъалур бу, сенделла догІу ялта санна, маргІал а лур бу. Ахь, дІадаьлла гІан санна, дІахьо адамаш. Уьш Іуьйранна хьалаяьлла буц санна ду. Буц Іуьйранна, хаз а лой, сенло, ткъа сарахь, маргІал а юлий, якъало. Хьан оьгІазалло хІаллакдо тхо, Хьан дераллах тхо кхоьру. Сан дахар сох дІадоккхуш ду, дІадоккхуш долу жаІуйн четар санна. КІадидархочо санна, сан оьмар карчийна ас. КІади дечу чарха тІера дІахададо кІади санна, Везачу Эло сан дахар чекхдоккху цІеххьана, Іуьйренна тІера суьйре тІекхачале. Делан лаамехь верг хІаллакьхуьлу, ткъа цхьанна а дагах ца кхета иза. Далла тешаме нах бахарна тІера дІабоху, амма цхьа а ца кхета – Делан лаамехь верг дІакхолхуьйту, цунна зулам ца хилийтархьама.
Выбор основного перевода