Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Бакъ ду, со дика кхета ахь бохучух. Амма Далла хьалха адам нийса муха хир ду? Адам хІун ду, Далла хьалха ша цІена хилалур ду мотта? Зудчо винарг мила ву, Далла хьалха ша бакъ хилалур ву мотта? Муха хир ду адам Далла хьалха бакъ? Муха хир ву зудчо вина волу стаг цІена? Эццахь бузихойх волу Барахиалан кІант ЭлихІу оьгІазвахара. Иза ша Раман доьзалера вара. ЭлихІу Аюбана оьгІазвахара, цо ша Делал а чІогІа бакъвар бахьана долуш. Амма цхьаммо а ца боху: „Мичахь ву со кхоьллина Дела, буьйсанна иллеш ала тхуна ницкъ луш Верг, Дера дац! Дела тешаме ву, ткъа муьлхха а адам харцлуьйш ду. Яздина ма ду: «Айхьа дуьйцучохь Хьо нийса а ву, кхел ярехь Хьо тоьлур а ву».
Выбор основного перевода