Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн даг чохь вониг а кхуллу, цара зулам дІа а хІоттадо. Іесачеран кийрано мекарло йоккху». Шен даг чохь зуламаш кхоьллинчо, кхечарна вон болх хила луучо ша-шена харцо кхуллу. Зуламан хІу тосучо бохаман ялта гулдийр ду, ткъа кхечарна цо еш йолу гІело чекхъер ю. Аша харцдолчун хІу а тосура, зуламан ялта а хьокхура, мекарлонан стом а боура. Шаьш дІакхоьхьучу некъах шу тешарна а, шайн шортта болчу тІемалойх шу тешарна а, Шу Іеха ма лолаш! Дела-м Іехалур вац, хІунда аьлча адамо ша дІадийнарг хьокхур а ду. Шен хьарам лаам кхочушбеш, къилахь долу хІу тосучо хІаллакьхиларан ялта хьокхур ду. Ткъа Делан Синан лаам кхочушбеш хІу тосучо, Делан Сино луш долчу, хедар доцучу дахаран ялта хьокхур ду.
Выбор основного перевода