Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь Цуьнга цара ла ца догІахь, уьш Іожаллин хих чекхбевр а бу, кхетам боцурш санна лийр а бу. Цо хьехам тІе ца эцарна, иза лийр ву. Шен сонталла йоккха хиларна, иза тиларчу гІур ву. Хьаналчу стеган дешнаша дуккха а нахана кхача ло, амма сонтанаш хІаллакьхуьлу, шайн хьекъал ца тоарна. Сан халкъ дІасацийна, Со къобал ца варна. Со къобалвар ахь дІатесна дела, ахь Суна, динан дас санна, гІуллакх дар Аса а дІатосур ду. Дала белла товрат-хьехам ахь бицбина дела, Аса а дицдийр ду хьан бераш».
Выбор основного перевода