Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Везачу Дала чІогІа наб кхетийтира стагана. Цунна наб кхетта яьлча, цуьнан цхьа пІенда схьа а баьккхина, и меттиг дилхаца дІакъевлира. Малх чубузучу хенахь Ибрамна чІогІа наб кхийтира. ГІенах инзаре кхерам бахьаш бода хІоьттира цунна гонах. Дауд, Шаулан гІовлангара гоьмукъ а, цигахь чохь хи а долуш лаьттина йолу кхаба а схьа а эцна, ша хиллачу дІавахара. Уьш кхуза баьхкинийла цхьанна а хаа а ца хиира, цхьа а сама а ца велира, хІунда аьлча царна тІегІоьртинарг Везачу Элера йолу наб яра. Цо гІенах олу стаге я буьйсанан суьртехь, кІорга наб адамна кхеттачу хенахь я шен меттахь стаг Іуьллучу хенахь. Везачу Эло шуна чІогІа наб яийтина. Цо дІакъевлина шун бІаьргаш (уьш пайхамарш бу), Цо дІахьулдина шун кортош (уьш хиндерг гушберш бу).
Выбор основного перевода