Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дагадаийтахьа, Айхьа со поппарх вина, нисвина хилар. ХІинца юха а сох чан ян воллу те Хьо? Иштта со, мурйоьлла дечиг санна а, нецаша йоу бедар санна а, телхаш ву». Уьш шайн хан а кхачале хІаллакьхилла, ткъа церан цІенош хино дІадаьхьна. Далла хьалха со а хьо верриг ву, со-со а ву поппарх вина. Амма, Веза Эла, Хьо тхан Да ву. Тхо поппар бу, ткъа Хьо куьпчи ву – тхо массо а Ахь кхоьллина ду. Ткъа и хазна оха тхешан кхийра кхабанаш чохь лелайо. Иза ду тІех боккха болу ницкъ, тхоьгара а боцуш, Делера хилар хаийтархьама. Иштта, вайна хаьа, кху лаьттахь вайн четар санна долу хІара догІмаш хІаллакьхилча, Дала луш долу стигалшкара цІа вайн хилар. Иза куьйга дина а доцуш, гуттара а хин долу цІа ду.
Выбор основного перевода