Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со бехк боцуш вуйла Хьайна хуъушехь, Ахь со дІа ца хоьцу, со Хьан куьйга кІелхьара ваккха стаг а вац. Аса сайн гІуллакх кхетачу къепехь кечдина. Суна хаьа, со бакъвина хир вуйла. Мел ду сан къа а, сан зулам а? Сан аьрхалла а, зулам а гайтахьа суна! Ткъа Цунна хууш ма ду, со лела некъ муьлха бу. Цо со зийча, деши санна, цІена хилла дІахІуттур ву со. Са яккхархьама стага шен доттагІий емалбахь, оцу адаман берийн бІаьргаш кхулур ду. Бакъахьа лелар – сан духар санна дара, ткъа нийсо – сан оба а, чалба а санна яра. ТІаккха Аюбан кхо доттагІа цунна дуьхьал хІумма а ца олуш сецира, хІунда аьлча иза ша бакъ хиларх тешна вара.
Выбор основного перевода