Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цунна хІума дІадаккха лаахь, Иза хьаьнга сацалур ву? Хьан эр ду Цуьнга: „Ахьа иза хІунда до?“ И шадерг а цо Далла дуьхьал куьг айина хилар бахьана долуш ду, Нуьцкъалчунна дуьхьал иза валар бахьана долуш ду. «Хьайн гІодаюкъ, къонахчо санна, дІаехка: Ас хаттарш дийр ду хьоьга, ткъа ахьа Суна жоп ло. Декъаза ву ша Кхоьллинчуьнца къийсалуш верг, лаьттах йинчу кхабанашна юкъахь цхьаъ бен йоцург! Поппаро куьпчичуьнга хоттур дуй те: «Хьо хІун деш ву?» Йинчу хІумано ша йиначух эр дуй те: «Цуьнан куьйгаш дац»?
Выбор основного перевода