Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа латта даьсса а, кегарин а дара, гобаьккхина кІорга хи а, Іаьржа бода а бара, ткъа Делан Са хиш тІехула лелаш дара. ТІаккха лаьттан поппарх адам кхоьллира Везачу Дала, цунна чу са а дуьллуш, ткъа и адам денделира. суна чохь садеІар дІадаллалц, сан мерІуьргашкахь Делан са мел ду, Везачу Элан дашца кхоллаелла стигалш, Цо Шен Синан Іаь тохарца кхоьллина стигалара массо а ницкъаш а. Ахьа царна Хьайн са делча, уьш кхуллу, цу тайпана Ахьа лаьттан сибат цІиндо. Амма хьо царна тІелетар ву, йочана я дерриге а латта къайладоккхуш йолу Іаьржа марха санна, тІе а хьаьдда. Хьо а, хьан эскар а, хьоьца кхин а дуккха а кхидолу къаьмнаш а кху лаьттана тІелетар ду’. Адамийн куьйгаша Далла гІуллакх деш делахь а, Цунна хІума а оьшуш дац. Цо Ша ло адамна дахар а, садеІар а, кхин дерриге а.
Выбор основного перевода