Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элера долчу маликана Шур-гІала боьдучу новкъахь, шовданан йистехь, яьссачу арахь карийра ХІажар. Амма Везачу Элан Малико сацийра ИбрахІим, стигалара охьа а кхайкхина: «Ва ИбрахІим!» «Со кхузахь ву», – аьлла, жоп делира ИбрахІима. Царна дагахь а дацара Юсуп шайх кхеташ хилар, хІунда аьлча цо цаьрца къамел гочдархочуьнгахула дора. муьлххачу а вочух со ларвина Малик, декъалдехьа хІара бераш. Кхаьргахь дІахьойла сан а, сан дайн ИбрахІиман а, Исхьакхан а цІераш. Деба а дебна, даккхий халкъаш схьадовлийла кхарах дуьнен чохь». qac Кqac*Іелхьарбоху Везачу Элан Малико Цунах кхоьруш бехарш. Царна гонах а хьийзаш, Цо уьш лар а бо. Хьан хьалхарчу дас къа латийна, хьан баьччанаш а Суна дуьхьалбевлла. Везачу Эло соьга Шен Маликана хьалха лаьтташ волу коьрта динан да волу ЮшаІ а, иза бехкевархьама цунна аьтту агІор лаьтташ долу шайтІа а схьагайтира. «Хьовсал, Ас Сайн геланча вохуьйтур ву, цо Суна хьалхара некъ кечбийр бу. ТІаккха аша лоьхуш волу Олахо цІеххьана Шен дезачу цІа чу вогІур ву. Шу хьоьгуш волу бертан геланча – хьовсал, иза вогІур ву», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. Дела цхьаъ бен вац, иштта Далла а, адамашна а юкъахь юкъарло лелош Верг а цхьаъ бен вац. И Стаг Дала леррина Къобалвина волу Іийса ву.
Выбор основного перевода