Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаул схьакхачале цхьа де хьалха Делера хаам хиллера Шамъале: Ткъа Ахьа, массо а ницкъийн Веза Эла, Исраилан халкъан Дела, Хьайн лай волчуьнга элира: „Аса хьуна цІа дийр ду“. Цундела Хьан лай волу со Хьоьга хІара доІа дан Хьох хІоьттира. ТІехдеттаре ладогІийта церан лергаш дІадоьллу Дала, иштта шаьш лелочу зуламех дІаберзар царна тІедуьллу Цо. Цуьнан бала хьегарехула пекъар паргІатвоккху Цо, цуьнан гІело хьегарехула лергаш дІадоьллу Цо. СагІанаш а, совгІаташ а ца дийзира Хьуна, Сан лергаш дІадиллира Ахь. Дийнаташ дагоран сагІанаш Хьуна ца тайра, къинойх долу сагІанаш Ахь ца дийхира. Хьалдолчу Эло Іеминчеран мотт белла Суна, гІелвеллачунна гІо даран дош суна довзийтархьама. ХІора Іуьйранна Цо самавоккху Со, дешархочуьнга санна, тидамца соьга ладогІийта.
Выбор основного перевода