Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Дауда Натига элира: «Везачу Элана хьалха аса къа латийна». Натас Даудана жоп делира: «Везачу Эло ахьа латийначу къиношна гечдо хьуна. Хьо лийр вац. ТІаккха хьо Нуьцкъалчунах воккхавер ву, хьайн юьхь Далла дуьхьал а ерзор ю ахьа. Ахьа доІа дича, Цунна дІахезар ду, тІаккха кхочушдийр ду ахьа хьайн нигаташ. Уьш бахьана долуш, къечеран узарш Далла хьалха ду, ткъа гІело хьоьгучеран узарш а Цунна дІахезаш ду. Ткъа суна бакъонца гур ю Хьан юьхь, самаваларца, Хьан сибат а гина, там хир бу суна. Хьайн де доьхча, Соьга кхайкха. Ас хьо кІелхьарвоккхур ву, ахьа Сан сий дийр ду». Ахь кІелхьарваккхарна долу хазахетар юхалохьа суна, Хьуна муьтІахь хила лууш долчу Синехь чІагІвехьа со. Ахь кхайкхича, Везачу Элана хезар ду, ахь орца даьккхича, Цо эр ду: „Со кхузахь ву!“ Ахь хьо волчуьра Іазап латтор дІа а даккхахь, пІелг айарца стаг бехкеван а, стаг сийсазвеш долу къамел а сацадахь, Ткъа кІанта элира цуьнга: „Дада! Далла хьалха а, хьуна хьалха а къа латийна ас. ХІинца со хьакъ вац хьан кІант ву со ала“. Амма дас шен ялхошка элира: „Тоьлла йолу бедар схьа а яй, тІеюха цунна, пІелгах мухІар а долла, кога мачаш а юха. Юстийна йолу старгІа схьа а ялаяй, урс хьакха: той хІоттор ду вай. ХІунда аьлча хІара сан кІант веллачуьра денвелла, вайначуьра карийна“. Уьш сакъера буьйлабелира. Нагахь ваьш летийначу къиношна вай даре дахь, Дала вайн къиношна геч а дийр ду, дерриг а бакъдоцучух вай цІан а дийр ду, хІунда аьлча Иза тешаме а, бакъ а ву.
Выбор основного перевода