Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Серлонгара бодане иза дІалоллур ву, кху дуьнен чуьра иза дІавоккхур ву. Малхбалехьарчу мохо иза дІаваьхьча, иза кхин хир вац. Шен метта тІера оцу мохо дІахьокхур ву иза. Къинхетам боцучу мохо иза дІахьоькху, цуьнан караравала гІертачу хенахь. Самукъадаьллачу мохо, цунах кхаьрдаш, тІараш вовшахдетта, иза мел кхочучу меттехь цунна шок а етташ». Ма сиха хІаллакьхуьлу уьш, къемат тІедарца чекхбовлу уьш. Самабевлча, дІадовш долу гІан санна хуьлу уьш, Хьалдолу Эла. Сама а ваьлла, царах хилларг а дицдийр ма ду Ахь. Хьуна эзар шо селханлера де санна ду, буьйсанна ларйина хан санна ду. ТІаккха Ариална дуьхьал тІом беш долчу къаьмнийн массо бІош а, цунна а, цуьнан чІагІонашна а тІелеташ болу мостагІий а, цунна гІайгІа йойтурш а чехка, набарх а, буьйсанан гІенах а санна, къайлабевр бу.
Выбор основного перевода