Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьайн дагахь ахь бохура: „Стигала хьала а ваьлла, Делан седанел а лакхадоккхур ду ас сайн гІант, къилбаседанан йистехь болчу деланийн кхеташонан ломана тІехь охьахуур ву со. Стигалан Іаьрчашка хьала а ваьлла, Веза Воккхачух дІатарлур ву со“. Ткъа хІинца хьажал, Ас хьо машшашца дІавоьхкур ву, хьо цхьана агІора вукху агІор верза йиш йолуш вац, ахьа гІалина го бина долу денош чекхдовллалц. Хьайна кІа а, мукх а, кхоьш а, хьозийн кхоьш а, Іов а схьа а эций, уьш цхьана пхьегІи чу а йохкий, царах дама даккха. Цу демах хьайна баьпкаш де, хІора хьайн цигахь аьрру агІор Іилла везачу дийнан цІарах цхьацца бепиг а деш. Ахьа уьш кхаа бІе дезткъе итт дийнахь даа деза. Хьо хьайн деган куралло Іехийна. Хьо дехаш ду лекхачу меттехь, тархийн хераллашкахь. Ахьа хьайн дагахь боху: „Мила вара со лаьтта доссо?“ Нагахь, аьрзу санна, лакха хьала а даьлла, седарчашна юкъахь ахь хьайна бен бича а, Ас хьо цигара а охьакхуссур ду», – боху Везачу Эло.
Выбор основного перевода