Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча Сан оьгІазаллех цІе яьлла, лахарчу эхарте кхаччалц дагадо цо. ЦІаро латта доу лаьтто кхиийначуьнца цхьаьна, чахчош ду лаьмнийн кІажаш. Іесачийн тобанарчун тІаьхье хир яц, ткъа кхаьънех доьгІна цІенош цІаро дагор ду. Серлонгара бодане иза дІалоллур ву, кху дуьнен чуьра иза дІавоккхур ву. Аса уьш, мостагІийн лолле дІа а белла, шайна бевзаш боцучу махка дІабохуьйтур бу. Сан дералло цІе латор ю, ткъа оцу цІеро уьш дІакхоллур бу». Аса шу, мостагІийн лолле дІа а делла, шайна бевзаш боцучу махка дІадохуьйтур ду, хІунда аьлча аша Сан оьгІазаллин цІе самаяьккхина. И цІе массо а ханна йогур йолуш ю».
Выбор основного перевода