Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан бага сардамех а, мекарлонех а, гІело ярх а юьзна ю. Цуьнан меттан буьххьехь зуламениг а, вониг а ду. Цуьнан бага даьттанал а кІеда ю, амма цуьнан даг чохь мостагІалла ду. Цуьнан дешнаш зайтдаьттанал а кІеда ду, ткъа уьш, баттара даьхна тарраш санна, ира ду. Нахаца лелаш йолчу зудчун багара долу дешнаш мазал мерза а хуьлу, цо бохуш дерг даьттанал кІеда а хуьлу, амма тІаьххьара а иштта йолу зуда, сагал-буц санна, къаьхьа хуьлу, шинна а агІор ирдинчу туьрал а ира хуьлу. Мерза хуьлу харцонца даьккхина бепиг, амма иза багахь жагІа хилла дІахІутту.
Выбор основного перевода