Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Адамаша доза къастош диллина тІулгаш дІасадоху, цара жаш лачкъа а до, уьш дажа а до. Байлахь бисинчеран варраш дІаюьгу, йисина Іачун сту закъалтана дІабуьгу. Цара къен верг шайн некъа тІера дІатотту, махкахь гІело хьоьгурш къайлабуьйлуш лела безаш бу. Дуккха а йолу гІелонаш ловчу адамаша орца доккху, ницкъболчийн куьйгаш кІелара схьахезаш ду церан узарш. Къа ду шун, цІенна тІе цІа а, аренна тІе аре а оьцучеран. Кхечарна меттиг ца юьту аша, шаьш бен хІокху лаьтта тІехь доцуш санна.
Выбор основного перевода