Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьарам даьккхинчу ахчанах пайда ца болу, ткъа нийсоно Іожаллех кІелхьарвоккху. Бекхам бечу дийнахь хьоло гІо дийр дац, амма нийсоно Іожаллех кІелхьарвоккхур ву. Карахь дакъаделлачу баьпкан дакъа а долуш, машарехь вахар гІоле ду, хьолах дуьзначу цІа чохь барт боьхна вехаш хиларал. Амма цхьа бохам тІебар бахьана долуш, цо шен хьал дайира. Хууш ду, стеган бер хилча, и бер даьссачу куьйгашца дуьнен чу долий. Шен ненан кийрара верзина, тІехь хІумма а доцуш, схьа-ма-валлара, иштта ша дІакхелхича, кху дуьненахь ша бечу балхах шеца хІумма а дІа а ца хьош, иза дІа а воьду. Машаран некъ царна ца бевза, нийсо яц уьш лелачохь. Церан некъаш ситтина ду, царна тІехула воьдучунна цхьанна а машар ца бевза. Цара шайн дети аракхуссур ду, шайн деших дегаза хІума хир ю царна. Везачу Элан дераллин дийнахь кІезиг гІо хир ду царна шайн деших а, детих а. Оцу хІуманашка церан мацалла а дІаяккхалур яц, церан геш а дузалур дац, хІунда аьлча уьш бахьана долуш цара къинош летийна. Церан долахь долчу я детига, я дешига кІелхьарбахалур бац уьш Везачу Элан оьгІазаллин дийнахь. Цуьнан эмгараллин цІеро хІара дерриге а латта дагийна дІакхоллур ду. Цо лаьтта тІехь вехаш волу хІорра а цІеххьана кхоччуш дІавоккхур ву.
Выбор основного перевода