Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан бераш маршонехь хиларна генахь ду. Нагахь гІалин кевнна уллохь цаьрца стаг кхеле валахь, царна гІо дан цхьа а вац. Бохуш ду: „Адамна догІу таІзар Дала цуьнан берашна кхоадо“. Амма ас олу: адамна шена дойла Цо таІзар, иза кхетийта! Цуьнан кІентий мел дебарх, уьш туьро хІаллакбийр бу, цуьнан тІаьхьено дуззалц бепиг дуур дац. Ченал дукха дети шена гулдахь а, поппарал дукха бедарш цо гулъяхь а, уьш Делан лаамехь болчара тІедухур ду, цуьнан дети цІена лелачара доькъур ду.
Выбор основного перевода