Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Тойнийн го дІабирзинчул тІаьхьа, Аюба шен бераш ша волчу схьакхойкхура, уьш Далла хьалха цІанбайтархьама. Іуьйранна хьалххехь хьала а гІоттий, цо хІора берана тІера дийнаташ дагоран сагІа доккхура. Цо ойла йора: «Сан бераша къа латийна хила мега, шайн даг чохь Дела емал а вина». Аюба и хІума массо а хенахь дора. Везачу Эло шайтІане элира: «Тидам бирий ахьа Сан ялхо волчу Аюбан? И саннарг хІокху дуьнен тІехь кхин цхьа а вац: иза хІуманна а бехке воцуш а, догцІена а стаг ву. Далла хьалха ларамах вуьзна а волуш, иза массо а вочу хІуманах ларлуш ву. Иза хІинца а чІогІа шен кхачамалла ларъеш ву, цуьнан бехк боццушехь, иза дакъазаваккхийта ахьа Со иракарахІоттийнехь а». Сан зуда сан Іаьнах къехка, сан берашна а со боьха хета.
Выбор основного перевода