Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Раабанна ца хаьара хилларг. ГІуна тІе вахача, цигахь Юсуп а ца гина, холчу хІоьттина, шена тІера хІуманаш этІийра цо. Шен бедарш а этІийна, Везачу Элан тІорказна хьалха бертал а воьжна, сарралц Іиллира ЮшаІ. Цо а, исраилхойн къаноша а шайн кортош тІе чан юхкура, шаьш баланехь хилар гойтуш. qac Кqac*ъаной ма бу бист ца хуьлуш хевшина, Цийонан йоІан къаной лаьтта тІе охьахевшина. Цара шайн кортошна тІе ченаш а ма тийсина. Сингаттаман бедарш цара догІмаш тІе а юьйхина. Ярушалайман йоІарша а, гІайгІанехь дІа а хІиттина, халахетарца кортош шайн охьадахийтина. Цара хьуна тІаьхьа белхар дийр ду, шайн кортош тІе ченаш а тийсина, чимашкахь а керчаш.
Выбор основного перевода