Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІедеана стигалара гуламан декъашхой Везачу Элана хьалха дІахІутту де. Цаьрца цхьаьна шайтІа а деъна. Везачу Эло цуьнга хаьттина: «Хьо мичара схьадеана?» Везачу Элана жоп луш, шайтІано аьлла: «Со лаьтта тІехула даьлла лелаш дара. Дуьне мел ду дІаса а лелла, юхадеана со». ТІаккха Везачу Эло шайтІане аьлла: «Тидам бирий ахьа Сан ялхо волчу Аюбан? И саннарг хІокху дуьнен тІехь кхин цхьа а вац: иза ша хІуманна а бехке воцуш а, догцІена а стаг ву. Далла хьалха ларамах вуьзна а волуш, массо а вочу хІуманах ларлуш ву иза».
Выбор основного перевода