Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІинца со айса аьллачунна дохковаьлла, цундела ченашна а, овкъаршна юккъе а хиъна Іаш ву». Цара хьуна тІаьхьа белхар дийр ду, шайн кортош тІе ченаш а тийсина, чимашкахь а керчаш. Нунавара паччахье а кхечира гІаланах лаьцна беш болу хаам. ТІаккха и паччахь, шен гІанта тІера хьала а гІаьттина, шен паччахьан духар дІа а даьккхина, кхин, вон тІедеача юхуш йолу, бедарш тІе а юьйхина, чим тІе охьахиира. «Декъаза ю-кх хьо, Къераз-гІала! Декъаза ю-кх хьо, Бет-Саида-гІала! Шу долчохь хилла долу тамашийна гІуллакхаш Цора-гІалахь а, ЦІадан-гІалахь а хиллехьара, цигара адамаш, тоххарехь дохко а девлла, шайн дохкодовлар гойтуш йолу бедарш тІе а юьйхина, овкъарна тІе охьахевшина хир дара.
Выбор основного перевода