Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ІуцІа-махкахь вехаш вара Аюб цІе йолу цхьа стаг. Иза ша хІуманна а бехке воцуш а, догцІена а стаг вара. Далла хьалха ларамах вуьзна а волуш, массо а вочу хІуманах ларлуш вара иза. Везачу Элана жоп луш, шайтІано аьлла: «Лаа дуй те Аюбан Далла хьалха ларамах вуьзна хилар? Ахьа ларвеш ма ву иза а, цуьнан цІа а, цуьнан мел болу бахам а. Цуьнан куьйгаша хьегна къа Ахь декъалдина, берриг а мохк цуьнан жаша а, дохно а буьзна лаьтташ бу. Амма Ахьа Хьайн куьг цуьнан долахь мел йолчу хІуманна тІе кховдадахь, иза Хьан юьхь-дуьхьал Хьуна лен волалур ву». ТІаккха Везачу Эло шайтІане аьлла: «Дика ду, цуьнан мел долу хІума хьан карахь ду, амма цунах куьг ма Іотта». ШайтІа Веза Эла волчуьра дІадахара. Цуьнан хІусамнанас цуьнга элира: «Хьо хІинца а чІогІа хьайн кхачамалла ларъеш ву? Далла ле, тІаккха хьо лийр ву!» Йилбазмох а хьокхуьйтуш, Иза суна тІекхета, бахьана доцуш сан чевнаш Цо совйоху, ХІуъа хилахь а, со аша бохучунна тІетовр вац, со дийна мел ву, сайн цІена хилар дойур дац ас. Сайн бакъхилар чІоггІа латтадо аса, иза ас дІа а лур дац – цу тІехь сан даго, со мел веха, бехк а боккхур бац сох.
Выбор основного перевода